«UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО
29.07.2019Абулханова Аза Ахметовна - Соьлжа - Г1алин №2 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.1989 – чу шарахь д1аболийна цо шен къинхьегаман некъ.
Муьлххачу а бакъволчу хьехархочо санна, шен хан а, могашалла а ца кхоош къахьоьгуш схьайог1у иза. Шен дешархойн дог эца хууш, г1иллакх-оьздангалла гойтуш, Даймахке, ненан матте а к1оргге безам кхиош къахьоьгу цо. Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца дог1уш, керланиг юкъадалош, ламасталлин а, инновационни а дешаран говзаллех пайда оьцуш говза д1ахьо цо шен болх. Абулханова Аза автор ю 7-чу классан нохчийн меттан хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин. Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтаран Азин болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца. 2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совг1ат дина цунна.2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2017 - шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.